Название книги: Бусалба стеган гiап (крепость мусульманина)
Автор книги: Саид аль-Кахтани
Жанр:
Религия и Эзотерика → Религия
Язык книги: русский
Город: Медина
Год издания: 2003
сообщить о нарушении
Описание книги
Жайна яздинчун дешхьалхеХIара дацдина жима жайна ду, ас сайн:( الذِّكْر وال دعاءُ والعِلاَج بِالرقَى مِ ن الكِتابِ وال سنةِ )(Зикр а, доIа а, рукъйатца дарба лелор а, Къуръан тIера а, Суннатера а схьаэцна долу) – аьлла цIе йолчужайни тIера дацдина. Цу жайни юккъара зикрах лаьцна долу дакъа дацдина схьадаьккхира ас, лело аттахилийта.Ас зикран дешнаш бен ца даладо кхузахь, и зикр стенгахь деана ду дуьйцуш долу цхьаъ, я шиъ бен жайна аца хьаха до. Ткъа нагахь санна хьуна и зикр дуьйцуш долу хьадис дийцина асхьаб вовза лаахь, я иза стенгахьду хаа лаахь, хьо хьажа хIокху жайнин бухе (лекхахь хьахийна долчу жайни тIе).Ас АллахIе доьху, Цуьнан хазчу цIерашца, Цуьнан лекхачу сифаташца, Цо хIара жайна Шен доьхьа дар,хIокхуьнах суна сан дахарехь а, со веллачул тIаьхьа а пайда бар. Иштта хIара жайна дешначунна а, язорбатоьхначунна, я хIара арахоьцуш дакъалаьцначунна а хIокхуьнах пайда бар доьху ас АллахIе. Баккъаллаа АллахI – Сийлахь-ЦIена ву Иза – цу тIехь ницкъ кхочуш верг а, цунна гIо ден верг а ву.Делера салават а, салам а хуьлда вайн Пайхамарна Мухьаммадна, цуьнан охIлунна а, асхьабашна а, цIенчудаггара къемат де кхаччалц царна тIаьхьабаьзначарна а.СаIид ибн Iалий ибн ВахIф АлкъахьтIанийй.Сафар бутт, 1409 шо.